ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь юха а дуьйлуш де герзаш


Киевехь милицина а, дуьхьалонан акцийн декъашхошна а юкъахь керла тасадаларш хилла аьлла дIахьедар дина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цо бинчу хаамца, муьлуш бу ца хуучу наха герз тоьхна чоьхьарчу эскаран салтташна Институтан урамехь. И нах гIоьртина Лаккхарчу Радана тIекхача.


РогIерчу кхеташонехь Лаккхарчу Радан спикеро Рыбак Владимира хаам бина депутаташка махкахь антитерроран операци дIаяхьар сацорах а, ницкъ бар емал дарах а лаьцна болчу сацамана тIе куьг таIийна ша аьлла. Цу документан тIехь аьлла ду герз деттар сацош ду, милицин тобанаш казармашка юхаерзош ю аьлла.

Рыбака дийцарехь, ПIераскан дийнахь Украинин парламент юхаерза езаш ю 2004-чу шарахь хиллачу Конституцина. Депутаташ иштта кхаж таса безаш бу амнистех лаьцна низам тIеоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG