ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

200 сов стаг лаьцна Москох кхелан хьалха


«Болтнаян гIуллакх» олучу гIуллакхехула кхеле озийначу 8 стаганна гIортор ян веана 213 стаг лаьцна Iедалша Москох. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, царах цхьаберш дIахецна, вуьйсуш хIинца а буьсуш бу полицехь.

Жигархой гулбеллера Замоскворецкий кIоштан кхелан хьалха оппозицин декъашхошна тIехь кхел еш царна тIехIитта. Кхелан сацам кхин дIа боьшур болуш бу Чиллан-беттан 24-чу дийнахь.

ПIераскарна дийнахь и 8 стаг бехке лерира суьдхочо 2012-чу шарахь Москох Болотная майданахь оппозицин акци дIахьош полицин белхахошна ницкъ а беш, кхепедацаршкахь дакъхалацарна.

Прокурораша доьхург ду царах хIоранна а 5 тIера 6 шаре кхаччалц хенаш тохар. Адвокаташа доьха церан бехк ца хиларна уьш дIахецар. Бакъонашларъярхошна хетарехь демонстранташ а, полици а тасабаларна бехке дара Iедалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG