ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан дарж дита дагахь вац Янукович Виктор


Украини премьер-министр хилла йолу Тимошенко Юлия араяла кечлуш ю набахтера. Цуьнах лаьцна хаам бина украинерчу хаамийн гIирсаша. Шоьтан дийнахь Украинин Лаккхарчу Радано сацам бира Тимошенко Юлия дIахеца еза аьлла. Карарчу хенахь иза Харков-гIаларчу дарбанан хIусамехь ю.


Шоьтан дийнахь хиллачу кхеташонехь Лаккхарчу Радан гIантда хаьржина «Батьковщина» партин цIарах депутат волу Турчинов Александр. Радан спикер хилла волчу Рыбак Владимира дитина и дарж.

Сарахь цхьана телеканалехь вист хилла хIинццалц мичахь ву ца хууш хилла волу Украинин президент Янукович Виктор. Хьалхо хаам баьржинера иза цу даржера дIаваьлла аьлла. Амма Януковича дIахьедар дира ша кхин дIа а президентан декхарш кхочуш дан дагахь ву аьлла. Махках хьулург пачхьалкхехь Iедал карчо гIортар ду аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG