ТIекхочийла долу линкаш

Дайла-ламица цхьаьнакхетта президент Обама Барка


Вашингтонехь Тибетерчу буддистийн диндеца махках ваьккхина Индехь вехачу далай-ламица цхьаьнакхетта Iамеркан президент Обама Барак. Цаьршима дина къамел юкъараллин кеп йолуш дацара. Иза дIадаьхира къевлина неIарш а йолуш. Китайн Iедалша далай-лама Тибетерчу сепаратистийн куьйгалхо лоруш ву.

Цара варе йинера Вашингтон, Обама цуьнца цхьанакхетаро зе дан мега Китйан а, Цхьанатоьхначу Штатаийн а юкъаметтигашна аьлла. И цхьанакхнтар хилале Iамеркан къоман кхерамазаллин кхеташонан векло Хэден Кейтлина дIахьедар динера Тибетехь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хаьл чолхечу долуш хиларна саготта ю Вашингтон аьлла.
XS
SM
MD
LG