ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан латтош ву Хьалха-Мартан полицехь


"Кавказский узел" интернет-агенталло бинчу хаамца, Кавказерчу къаьмнийн Ассоциацин куьйгалхо, вевзаш волу юкъараллан жигархо Кутаев Руслан латтош ву Хьалха-Мартан кIоштерчу полицин декъехь. Агенталло бинчу хаамца, иза бакъдина Нохчийчура чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.

Цара бинчу официалан хаам тIехь дуьйцуш ду ГихтIахь Кутаев Русланан киснара полиэтиленан пакет яьккхина чохь 3 грамм героин хила мегаш болу хIур а болуш аьлла.

Кутаев Руслан вевзачу нахана иза цуьнан кисана тесна ю аьлла хета. Гергарчу хенахь Кутаев Русланан бехк ца хилар толийта адвокаташ лаца дагахь бу цуьнан гергарнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG