ТIекхочийла долу линкаш

Турчынов Олександр ханна Украинин президентан декхарш кхочушдеш ву


Украинан президентан декхарш низамехь кхочушдерш верг санна, Турчынов Олександр къобалвина Европан Комиссино. Амма оьрсийн премьер-министро Медведев Дмитрийс дIахьедар дина, «Украинан Iедалан дукхах йолчу хьукхматашца йоьзна шеконаш ю Москохан, къамел дан цхьа а, низамца лела стаг ца го» шайна Украинехь, аьлла.

«Оьрсийчоьно Украиница бина хилла берташ чекхбохур болуш бу, дийцина ма-хиллара. Iедалера дIаваханчу Януковичица газан мах охьабоккхуш бина барт «биллина» бацара, цундела и гIуллакх юхадийца дезар ду» элира Медведевс.
Оццу хенахь, вайна волу Украинан президент лаьттина Янукович Виктор Севастополехь, оьрсийн хIурдан гIашлойн тIеман базехь ву бохург тIе ца чIагIделла.

Хьалхуо дуьйцуш дара, десантийн хIурдан кема кечдина, Янукович Оьрсийчу дIавига, бохуш.
Мукъа деношкахь хаамийн гIирсийн бIаьрара дIаваьлла Янукович. Иза президентан даржера дIаваккхар тIелаьцна Цхьанатоьхначу Штаташа а, Европан Барто а.
XS
SM
MD
LG