ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам дохорх лаьцна дийцар берашна а дихкинера Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Iалхан-гIалара школехь, 31Деч2012
Нохчийчоь -- Iалхан-гIалара школехь, 31Деч2012

Нохчаша Iазапе, 13 шаре яхъелла, къизаллех йоьттина киртиг эша а ца йича санна, дихкина Москохана муьтIарчу Iедало доьшийлакахь и терахь карладаккхар а, цунах дийцар а.

Цхьаболу студенташ а, дешархой а кхета а ца туьгуш, массо тайпа лакхарчу доьшийлашкахь, ишколашкахь а, маггане а мегар доцу хIума санна, дихкина дара дохийна нохчийн къам Сибрех хьажор.

«Тхан ишколехь, хьалххеххь дуьйна кечам а бина, кхайкхина хьеший а болуш, билгалдаккха лоьруш дара 1944-чу шарахь къам махках даккхар. Амма, нохчашна Iаьржа, Балане деъна де тIекхача кхо-диъ де дисинчу хенахь, лакхара охьа барта омра даийтира, цу денна лерина цхьа хIума леладахь мегар дац аьлла.

Соьга дешархоша хиттира, "стенна ца магадо дохадар хьокъехь кечйина «Iазапе кхойтта шо" цIе йолу суьйре дIаяхьа? ХIун галдолу оха цигахь нохчаша лайна къа-бала балхо байташ йийцича а, эшарш лекхча а? Цу хеттаршна сан дала жоп дацар-кх. Ас бIаьстенан 3-чу беттан 10-чу дийнахь дуьйцур ду вай цунах аьлчи юха а керла хеттарш дуьйлалора. Бакъду хIара дош-м дац.

Эзарнийн кхолламаш кеггош, къомана доза доцу таIзар деш, адамашкахь гIело яллош еъна къиза хан билгальеш долу терахьаш шайна ма тов дехьа-сехьа муха тоьтту? МаьхькIамхоша и шайна муха могуьйту суна-м ца хаьа».

Гергарчу барамехь ишта къамел до халкъ дохадар дицдалийта, дайдалийта санна, ловзадаккхар хьокъехь шен цIе яккхар дихкинчу Старопромысал кIоштан хьехархочо. Нахана а хета иза-м бакълена а тамаше. Къам дохийна де билгалдаккхар шина–кхаа батана тIаьхьа таттарна ша цецваларх дуьйцуш ву Соьлжа-гIалахо Валид.

Валид: «Сан йоIана дагахь Iамон еллера ишколехь дохадарх байт. Иза-м, цхьаерг суна а Iеминера. Цхьана дийнахь цIа еъча, «йийца мегар дац боху хьехархочо» аьлла, дIахIоьтти-кх. Со-м, хIун-мила ду хьажа, ишколе вахана а лелла. Баха а боху хьехархочо, бIаьстене дIатеттина. Кадыров воккханиг вийна де а, дохадар а цхьаьна билгалдоккхур ду боху. Суна-м ца, хаьа хIара хIун ду. Нохчий Iаьнан чиллахь бохийна хилча, бIаьстенга стенна тоьтту? Со кхеташ хIума дац».

Массо тайпа доьшийлашкахь а, Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь а и де дагадаийтар дихкина хиллехь а могIарерчу бахархоша даима а санна, гIийла воллучунна гIоьнна, Сибрехахь дIакхелхинчарна тIера сагIина ахча я кхин хIума луш, царна тIера мовлдаш доьшуьйтуш, уьш Деле боьхущ доIанаш деш, карладаьккхина и лазаме чиллана беттан 23-гIа де.

Дукхахболчу бахархоша ларране а нийса ца лору вайнахе йицьян йиш йоцу луьра халонаш Iовшийтина, ирча къа-бала лайтина , къизаллех дуьзна денош, хилларг цхьа дай, кIадда а доцу, мичча хена хьахийча а мега долу хIума санна, тIаьхьатеттар.
XS
SM
MD
LG