ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Янукович Виктор а, кхин болу Украинан куьйгалхой а лехамашка бохуш ю Киевера Печерский кхел


Европан Бертан арахьарчу политикан хьаькамо Аьштон Каьтрина Оьрсийчоьне кхайкхам бина, дика лулахо санна хила Украиница, цо хаьржинчу новкъахь дIаяха йита иза, аьлла. Шинарин дийнахь Киевехь зорбан-конференцехь йистхуьлуш, Украинан керлачу лидершна ондда гIортор йо ша, элира Аьштона.

Iедална дуьхьала кхаа баттахь лаьттинчу митингашна тIаьхьа, даханчу шоьтан дийнахь Украинан парламенто президент Янукович Виктор даржах вохийча, арахьарчу лидерх дуьххьара Украине яханчех ю Аьштон Каьтрин.

Оццу хенахь, Украинан Лакхарчу Радо ХIаагера Дуьненаюкъарчу Кхеле дехар дина, адамаллина дуьхьала зуламаш дарна, Украинина урхаллехь лаьттина хилла куьйгалхой Янукович Виктор, Захарченко Виталий, Пшонка Виктор а.

Иштта, шинарин дийнахь хааме делира, парламенто президентан даржах ваьккхина Янукович Виктор лехамашка а ваьккхина, кхеле озоран хаттар къастош ю Киевера Печерский кхел. Янукович волу меттиг хIинца а хууш яц.

Украинан Чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдеш волчу Аваков Арсена дIахьедар дина, Киеверчу «Беркутера» 35 стаг эскархо ведда базера, шайца герз а эцна, аьлла. Цо дийцарехь, Киевера митингехь лаьттачу нахана тIе герз деттарна жоьпе озорна кхерабеллачух тера ду уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG