ТIекхочийла долу линкаш

Украинина гIо дале, цуьнан финансийн хьал талла шайн экспертийн тоба хьажош ю Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондо


Уггар гергарчу хенахь Украинера финансийн хьал талла шайн экспертийн тоба хьажор йолуш ю Дуьненаюкъарчу валютийн Фондо. И аьлла хаам бина цу фондан куьйгалхочо Лагард Кристинас, Калифорнера Стэнфорд университетехь шинарин дийнахь йистхуьлуш.

Шен декъашхо йолчу пачхьалкхана гIо дар тIехь ду фондана, цу пачхьалкхо дехар деш делахь, элира Лагарда. И пачхьалкх дефолтан зиле кхаьчна. Амма, официала кепара чIагIдинчу Iедална бен гIо дан бакъо яц Фондан, аьлла билгальдаьккхира цо.

Украинан президентан декхарш ханна кхочушдечу Турчинов Александра хьахийна шайн оьшучу ахчанан барам – 35 миллиард доллар.
XS
SM
MD
LG