ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фламенкон керла кеп йиллинчех цхьаъ волу Пако де Лусия велла Мексикехь


Мексикера Канкун-гIалахь дIаваьлла Испанера гитаран говзанча 66 шо долу Пако де Лусия. Иза валаран бахьана, даге деана лазар хилла. Шен беран берашца садоIуш вара иза Мексикехь.

Цуьнан боккъалла а йолу цIе Франсиско Санчес Гомес яра. Шен 16 шо долуш кхиазхойн тобане кхайкхинера иза, фламенко хелхар дан. 19 шо долуш хьалхара альбом дIаязъйинера.

Фламенкон керла кеп йиллинчех цхьаъ лоруш ву Пако де Лусия.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG