ТIекхочийла долу линкаш

ЦIерадахаро нохчашна дина зе тахана а кхоччуш теллина дац


Нохчийчура лаьмнаш -- шира эвла, 29Мар2012

Нохчийчура лаьмнаш -- шира эвла, 29Мар2012

70 шо даьлча а, кхоччуш таллам бина бац, нохчийн къам цIерадаккхаран бахьанашна а, цуьнана тIаьхьалонашна а. И болх беш боцун дела, Оьрсийчохь, шо шаре мел долу дебаш бу, нохчий бахьан а долуш бохийнера бохуш болу оьрсийн историкаш. Цуьнах лаьцна кечйина шен материал Султанов Ахьмада.


Боккха бала тIехоьттира, Iазап дара, бахьан доцуш къизалла яра, маьршачу нахана тIехь йинарг, бохуш, дукхачу хьолехь дуьйцу, цIерадахарх лаьцна шай дагалецамашкахь наха.

Тахана, масала, хьо видеокамера кара а эцна, волавелча, иттанна юккъера шина стага, цхьацца меттигаш хьаха а ца еш, ларлуш дуьйцура ду оцу бохамах. ХIета дуьйна, нехан дагчу биллина болу кхерам, тахана а, дIабаланза бу.

Нохчийн, боккъулийна, шаьш цIерадахарана боккха таллам бан, аьтто баьлла а бац. 1990 шерашкахь, Iедал хийца а делла, цул тIаьхьа, массийта шо даьлча, хьалхара тIом белира, тIаккха, шозлогIаниг, ткъа, тахана, маьрша далахь а, оцу бохаманах хIоттийначу цхьана зилца лело дезаш нисло и хIума. Нохчий санна цIерадаьхначу кхечу къаьмнийн, каяьлла, шайна тIехь динчуьнна мах хадо а, цуьнан хьокъехь талламаш бан а.

Культуролог волчу, профессоран Акаев ВахIидан хетарехь, нохчий а баха безара оцу новкъахула.

Акаев ВахIид: «Iедалан агIора, сан хьесапехь, нехан дог а хууш а хила дезара аьлла хета суна. Иза бохург ду, махкахь арабаьхнарш схьа а гулбина, 90 а, 92 шо кхаьчнаш а бу царна юккъахь, Iедалан белхахой церан цIа а бахийтина, цара бохург хьажа а хаьжна, вай яздархошка а, Iилманчашка а, болх байта беза. Итта муьлхачу а къомаца дага а доьвла, хIума дан деза. ХIара шо чекхдаллалца, оцу мискачу нахана а, тIам тIехь хиллачарна гIо деш а, хIума лело дезара».

1991 шарахь, дуьйна, нохчийн а, кхидолу а къаьмнаш реабилитации йина лоруш ду. ХIора цхьацца доьзална оьрсийн ахчанца 10 эзар сом дара дала диллина.

Массита бIе шо хьалха, шаьш Австрали йоккхучу хенахь, цу бухахь даьхна долу къаьмнаш тахана а къинтIера довлахьара шайна бохуш кхайкхадо цигарчу Iедалша, амма, Оьрсийчохь и 10 эзар сом тоам болуш хетачух тера ду. Москохахь долчу Iедалшка, нохчаша, шай историйн таллам беш а бу, цунна, мах а хадош бу, аьлла дIахаийта деза аьлла хета шена боху Акаев ВахIида. Амма, цуо тидам бо, кхин деха хIумма а оьшуш дац аьлла.

Акаев ВахIид: «Москохахь дочлу Iедале, тхан къоманна хIара оьшура, шуна хаийта боху оха хIара, бохуш, сигналаш а луш, болх бича дика дара аьлла хета суна. Деха-м цхьа а хIума деза оьшуш дац цаьрга. Со реза вац, хIума деха деза бохучуьнна. Мацалла вай дала а ца делла,амма, шай йохь ялахь, хIара а, хIара а, дерра вай аьлла цхьа сацам цара бийрг хира бу-кх. Цхьа бахь, церан гIиллакхаш ду уьш».

ЦIерадахарх Iилман белхаш кечбеш, Iедалан архивашкара документаш а, кхиндолу тоьшаллаш а оьшу. Царна тIекхочийла юй шу, аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира профессора Акаев ВахIида.

Акаев ВахIид: «Архивашкахь болх бина ас. Масалла, Ростов гIалахь, КъилбаСеда Кавказар кIоштан партийн комитетан архив ю. Цхьана документан тIекхаьчнера со. Суна ксерокс езара цунна тIера, ас аьлча, : Лераме, сан цIе а , ден цIе а яьккхина, жоп делира, иза дан аьтто болуш хIума дац аьлла.

ТIера йозанаш схьаэца мегар ду, амма, цу тIера сурт даккха йиша яц бохура цара. И документ Ушаев Мазлакъех лаьцна дара. Цу тIехь буьйцучу нехан тIаьхье дийна ю, иза зорбане даьккхича, нахана юккъахь вас хира ю, цуьнах кхера шаьш аьлла мотивации йира цара. Гвишианис Берийга язйинарг а, кхидерш а документаш долуш ду. Архивашкахь ду уьш.

«Сталинан башха таьптар» олуш ду иза. Цунна тIекхочийла а ду. Вай историкаш а кхаьчна цунна тIе. Амма, кхин цхьа хIума ду. Оьрсийчоьнан президентан архив боху таьптар а ду. Депортацех лаьцна цхьадолу кехаташ цу юккъахь а ду. Амма, цу тIе ца кхочуьйту. ФСБ-н архив ю. Цу тIе а ца кхочуьйту. ТIаьхь а ваьлла болх бича-м цхьа гIуллакх хила а мегара».

ЦIерадахаран бахьанаш а, цуьнан агIонаш а, тIаьхьалонаш а, талла а еза, кегирхошна уьш ша дерг довзийта а деза, дийца а деза, аьлла хета Iилманчан Акаев ВахIидан. Ишттий бен, тоьшалла яц, и бохам къоманна тIехь кхин хира бац, элира цуо.

Акаев ВахIид: «Цхьанна хIуманна тешна вац со, цхьа 25 шо даьлча, цхьа бахьан а лехна, цхьа Iедал коча догIура дац аьлла. Суна а гина дуккха а хIумш, сан дена а гина, сан деденна а гина. ТIаккха, сан хIун ойланаш кхоллало: арахь лелаш, ловзуш кегий бераш ду, доьшуш а ду, студенташ а ду, берийн бераш а ду вай. Царна хIун хира ду теша?

Царна а коьртах бомбанаш йоьттура ю теша? И ойланаш кхоллало сан. И хIума ца хилийта хIун дан деза вай? Iилманчаша а, интеллегенцино а, хIун дан деза? ХIун гIулчаш яха еза, и санна болу бохамаш нохчашна тIехь кхин ца латтабайта,бохуш, хIекъале цхьа тоба вовшах ца тохахь, тIекхуьучу чкъурана тешнабекх хира буй теша бохура ас».

Историно, иштта хилча дика хира дара боху хIума, тIедуьтуш дац. Хилларг юха ца даккхало. Цуьнах дикка кхета нохчий, амма, тахана а, шайга доьхуш хIума доццушехь, нохчийн нийса дIабохийнера, иза ца динехьарий боккха эшам хира бара тIом деш хилчу пачхьалкхан, бохуш дуккха а историкаш бу.

Цара, Оьрсийчоьнан низаман массийта артикал йохош йоллушехь, Iедалша цхьанна а тайпана жоьпе ца уозабо уьш, иштта а, харца кечъеллачу къаьмнийн юккъаметтиг хIаллак еш ю аьлла.
XS
SM
MD
LG