ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк Арсений Украинан премьер-министран даржехь чIагIвина РАДо


Украинера Iедална дуьхьал хиллачу протестийн лидерх цхьаъ хилла волу Яценюк Арсений цу пачхьалкхан керла премьер-министран даржехь чIагIвина парламенто еарин дийнахь. ТIаьхьуо тесначу кхаьжнашца парламенто министрийн хIусам а къобалъйина.

Низамашкховдорхошка вистхуьлуш, Яценюка кхайкхам бира, махкара экономикан кризис ерзош, «пайде боцу» сацамаш тIе ма эца, аьлла. Европан Бартаца Ассоциацин Бертан кIел куьг яздан дош делира Яценюка. Оццу хенахь, Киев Оьрсийчоьнца а дика юкъаметтигаш езаш хилар билгал а даьккхира.

Яценюка дош делира, шен Iедало Украинан цхьаалла ларъйийр а ю, «ГIирма Украинан дакъа хилла ду, хир а ду» аьлла.
XS
SM
MD
LG