ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмерчу протесташкахь жигара бевлла оьрсий


Еарин дийнахь герзаца хиллачу наха кIоштан парламент а, Iедалан гIишлош а лаьцна, царна тIехула оьрсийн байракх оьллинера.

Оцу юкъанна, вайна хилла Украинан президент лаьттина Янукович Виктор Оьрсийчохь, Барвихехь гучуваьлла. Оьрсийчоьне шена кхерамазалла ехна Януковича. Оьрсийчоьнан Iедалша дош делла, шаьш цуьнан дола дийр ду, аьлла.

Янукович Виктор кхин Украинан президент а вац, иза лехамашка ваьккхина а ву аьлла дIахьедар дира, Яценюк Арсенийс. Адамаллина дуьхьал зуламаш дарна бехке веш ву иза аьлла, журналисташна хьалха парламентехь вистхуьлуш, Януковича «ша хIинца а Украинан президент ву» бохуш дина дIахьедаран мах хадийра цуо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG