ТIекхочийла долу линкаш

Украинин дозанца Оьрсийчоьно дIахьочу тIеман Iаморшка леррина хьоьжуш ю Iамерка



Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министро ХIейгел Чака дIахьедар дина, Украинан дозанца Оьрсийчоьно дIахьочу тIеман Iаморшка леррина хьоьжуш ю шайн пачхьалкх, аьлла.

Еарин дийнахь Брюсселера НАТОн штабехь вистхуьлуш, ХIейгел Москохе кхайкхам бира, шайн Iаморийн кепах кхетош хила, нийса а ца кхетта, хьалх чолхе даккхаран тIегIана тIе йоьлху гIулчаш ма яха, аьлла.

ХIейгела тIечIагIдира, шайна юкъахь Оьрсийчоь а йолуш, мел йолу пачхьалкхаша Украинан суверенитетана ларам гойтург хиларх дог доху Вошингтоно, аьлла.
XS
SM
MD
LG