ТIекхочийла долу линкаш

Путинан омрица цIеххьана зиен долийна оьрсийн эскарш. Украина ладоьгIуш ю


Оьрсийчоьнан Малхбузенан а, Юккъерчу а тIеман гонийн эскарш шуьйрачу барамехь дехьадохуш ду, церан тIамна кечам зуьйш. И бохуш хаам бо, оьсрийн коьрта хаамийн агенталлаша.

Путинан омарца, Чиллан беттан 26-чу дийнахь дуьйна, цIеххьана зиен долийна эскарш, тIамна мел кийча ду хьовсуш. Цу зерашкахь дакъа лоцуш ву тайп-тайпанчу эскарийн а, тIеман урхаллин а 150,000 векал. ТIеман техника а ю цу юкъахь – 90 кема, 120 беркема, 880 танк, 1200 тIеман техника, 80 хIурдан кема а.
XS
SM
MD
LG