ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь гучу а ваьлла, зорбан-конференци елла Украинан президент хиллачу Януковича


Украинан парламенто пачхьалкхан президентан даржера вохийначу Янукович Вкитора дIахьедар дина, ша цхьаммо вохийна а вац, шен дахарна кхерам болу дера Украинера дIавахана ша, аьлла.

Дон тIерачу Ростовехь ша еллачу зорбан-конференцехь вистхуьлуш, Украинера Iедал дIалаьцнарш фашсизмехьа болу ницкъаш а бу, пачхьалкх кIезигчу декъан хьашташ бен кхочушдеш а бац, элира Януковича. Ша Оьрсийчоьнера тIеман гIо доьхур дац элира Януковича.

Украинехь иккхинчу революцина малхбузера пачхьалкхаш бехке йира Януковича, цо ма-аллара, радикала оппозицина гIотор а йина.

ПIераскан дийнахь Украинан инарла прокуратуро Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллина а, Кхерамазаллин Сервисна а 10 де делла, Янукович а, Киеван юккъехь шортта адамаш даъйарна бехке лоруш волу 23 стаг а лаца. Царна юкъахь бу ницкъийн урхаллийн куьйгалхой хилла болу нах а.

Инарла прокуратуро дIахьедар дина, Януковичана экстрадици еш дехар кечдеш а ду, аьлла. Чиллан беттан тIаьхьарчу деношкахь къайлаха Украинера веддера Янукович. Цул тIаьхьа, иза Москохана йистехь гучуваьлла.
XS
SM
MD
LG