ТIекхочийла долу линкаш

Украинин Iедалхойн хьесапехь, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш царна дуьхьал агресси ян кечлуш бу


Украина -- Герз долу стаг ву Белбек кеманийн портана тIе боьдучу новкъахь лаьтташ, ГIирма, Чиллан 28, 2014

Украина -- Герз долу стаг ву Белбек кеманийн портана тIе боьдучу новкъахь лаьтташ, ГIирма, Чиллан 28, 2014


ПIераскана Iуьйранна дуьйна вуно чолхе хьал ду ГIирман коьртачу шахьарехь Симферополехь лаьтташ дерг. Цхьана агIор, гIалин юкъ дIалаьцна лаьтта Оьрсийчоьнгахьа болу меттигера жигархой. Вукху агIор, Украинехь Оьрсийчоьнан олалла ца дезаш болу меттигера бахархой, ГIирманера гIезалой, бу митинг еш. Ткъа меттигера кеманийн порт шаьш Оьрсийчоьнан эскархой хилар лачкъадеш а боцучу, герзах боьттинчу наха дIалаьцна.

Симферополерчу ATR телеканалан хаамийн декъан куьйгалхо йолчу Мавиле Халилас дийцарехь, вуно боккхачу сингаттамехь бу цу гIалин а, йоллучу ах-гIайренан а бахархой, цIий Iанар кхоьруш а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш шайн Даймохк дIалацар кхоьруш а.

Мавиле Халил: „ГIирмано, доккхачу декъехь, къобалдеш дац, кху ах-гIайренан Лакхарчу Радано, дийцарехь, „лаг тIе хIоттийна“ тапча а йолуш, тIеэцна болу стигалкъекъа беттан 25-чохь референдум дIаяхьарех болу сацам, ГIирма Автономан республикин бакъонаш шорйарах лаьцна. Карарчу хенахь кхузахь долчу хьолах аьлча, Iуьйранна Симферополера ший а кеманийн порт дIалаьцна яра.

„Белбек“ кеманийн портий, дуьненаюкъара Симферопол кеманийн портий. Иштта цигахь машенаш дIахIиттон меттиг а ю шайн тIехь схьагуш схьа бовзаран хьаьркаш а йоцучу, я шайн идентификаци ян а йиш йоцучу, муьлш бу а ца хуучу эскархоша дIалаьцна“.

„Хуьлуш лаьттарг тIамца чугIортар а, оккупаци а лору ас. Массо а дуьненаюкъара берташ а, нормаш а йохош. ХIара ша ма-йоллу йолу провокаци ю, йозуш йоцучу пачхьалкхан дозанна тIехь цIий Iанадайта лерина йолу“, - иштта яздина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьашташ кхочушдеш волчу Аваков Арсена шен Facebook агIонна тIехь, Оьрсийчоьнан IаьржачухIурдан флото Украинин дозанна тIехь алсамйаьккхина йолу жигарло юьйцучохь.

Жимма хьалха Оьрсийчоь Украинина чугIортарх лаьцна дIахьедар керла харжамаш дIабаххьалца цу пачхьалкхан президентан даржехь волчу Турчинов Александра а динера, цхьана ца бевзаш болчу, схьахетарехь, Оьрсийчоьнца боьзна болчу наха герзашца Симферополера парламентан а, урхаллин а гIишло дIалаьцначул тIаьхьа. Меттигерчу ATR телеканалан хаамийн декъан куьйгалхо йолчу Мавиле Халилс дуьйцу.

Мавиле Халил: „Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена тахана дIахьедар дина, и хIума ша ма-дарра долу Оьрсийчоь Украинин чугIортар а ду, Украинин территорин екъаяла йиш ца хилар дохор а ду, аьлла. Цундела, цуо дийцарехь, и гIуллакх цунан куьйгакIеларчу полисхойн а, Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а долара дIадаьлла“.

Гергарчу хьесапехь мас стаг ву Симферополера кеманий порт дIалаьцнаверг? Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, полисхой а, лерина сервисаш а хIун деш ю кхолладелчу хьолахь, шайн дозанна тIехь хийрачу пачхьалкхан тIеман ницкъаш сел паргIат лелаш хилча бохучу хаттарна жоп луш, ишшта дийцира Мавиле Халилс.

Мавиле Халил: „Симферополан кеманийн портехь цкъа хьалха цхьа бIе гIалгIазкхий ву, аьлла, хаам баьржира. Амма уьш меттигерачу полисхоша дIасалаьхкира, шаьш схьабаьхкина болчу КАМАЗ яккхий машенаш йолчу уьш дIа юха а тоттуш. Цул тIахьа баьржинчу хаамаца, буьйсана шиъ долучу хенахь кеманийн порта чу лилхина II9 стаг - герзах боьттина тIемлой.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваковс дийцарехь, халахеташ делахь а, полисхойн ницкъ бац цу тIемлошна дуьхьал латта. И болх шайн тIеэца ницкъ болу структураш Украинехь карарчу хенахь йоцуш ю, хIунда аьлча Мехкан Лакхарчу Радано бинчу сацамца, „Беркут“ лерина тоба дIасахецна . Ткъа полисхой шайн таронашца кху ГIирмахь долчу хьолаца ларор бац“.

Карарчу хенахь Симферопол-гIалин юккъехь Оьрчийчоьнгахь болу жигархой кечамаш беш бу, бохуш дуьйцу меттигерачу журналиста Мавиле Халилс, тахана-кхана схьакхача безаш болчу оьрсийн артисташна йиш лакха кирхьа кечдеш. Ткъа могIарерчу бахархошлахь баьржаш кхерам а, сингаттам а бу.

Мавиле Халил: „Оьрсийчоьнгахьа йолчу юкъараллийн декъашхой, масала, „Оьрсийн цхьааллин“ декъашхой гIалин юккъехь ГIирман Лаккхарчу Радина хьалха митинг еш бу. КесталгIа схьакхача безачу оьрсий эшаршлакхархошна кирхьанаш хIиттош бу уьш. Кхин дIа болчу могIарерчу ГIирман бахархойх лаьцна аьлча, нах вуно кхерабелла бу.

ХIунда аьлча, цу герзах боьттинчу муьлш бу ца хуучу наха Симферополан Украинин Iедалшца зIе латтош йолу массо а аьлча санна коьрта кхерчаш дIалаьцна ю. Йоккхачу гIайгIанехь бу нах, хIун хир ду ца хууш. ГIирман урхаллин куьйгаллхо хилла волчу Могилев Анатолийс а, ГIирмерачу ГIезалойн маджлисан куьйгалхочуо Чебаров Рифата а массаьрга а кхайкхамаш бина, собаре хила, кхера а ма кхера, аьлла, иштта цкъачунна, шайн ка а долуш, чуьра ара ца довлуш совца, цкъа хIара хьал стабиле дерзаллалца, аьлла цара“.

Цу юкъана Оьрсийчоьнгахьа долу ГIирман Iедалш шайн леламаш критике бечу журналистийн а, хаамийн гIирсийн а некъаш хедо гIерта. Иштта Маршо радиоца къамел динчу Мавиле Халилс болх беш йолу меттигера ATR телеканал еари дийнахь дIакъовла гIоьртинера уьш, цунна эфир ехкарца.

Официала бахьана техникан проблемаш ю аьлла дIакхайкхинехь а, амма журналисташ тешна бу, цу тайпанчу гIулчашца Iедал шайн батт ехка а, дешан маршо хьаша а гIерташ хиларх.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG