ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Руслан чувоьллина латтош ву Нохчийчура Iедалша


ХIинца а Хьалха-Мартан кIоштерчу полицин декъехь чувоьллина латтош ву, Кавказан Къаьмнийн Ассамблейн президент волу Кутаев Руслан. Деношкахь Кутаев ган вахана хиллачу Лахара Новгородера бакъонашлаъярхочо Каляпин Игора дIахьедар дина, Кутаев Русланан дегIана тIехь йиттина хиларан лараш, цIий доьссина меттигаш ю, аьлла.

Маршо радионо дагадоуьйту, Кутаев Руслан лаьцна, Соьлж-гIалахь цо кхечу нохчийн жигархошца, Чиллан беттан 18-чу дийнахь вайнах цIерабахарна лерина гулам дIабахьарна. Официала бахьана, цуьнан киснахь кхо грамм героин карор, ду.
XS
SM
MD
LG