ТIекхочийла долу линкаш

Тайп-тайпана ахчанаш, мидалш, орденш гульяр даьржина нохчашлахь а


ГIиргIизойчура нумизматикан гайтам, гIиргIизойн Къоман Банкан 20 шо кхачар билгалдоккхуш вовшахтоьхнеа, 16Тов2013

ГIиргIизойчура нумизматикан гайтам, гIиргIизойн Къоман Банкан 20 шо кхачар билгалдоккхуш вовшахтоьхнеа, 16Тов2013

Коьртачу корматалле хьаьжна а доцуш, цхьацца хIумнах Iехалой, кхечарна тамаше а хеталуш, дукхахйолу хан цунна йойуш, хийла некъ юьхьарлоцу дахарехь цхьаболчара. Царех цхьаболчарех ву Теркйист кIоштан Ломаз-юьртара схьавалар долу Москохара вахархо Ахмаров Бавди.


Ткъех шарахь Мурманск кIоштехь ницкъаллин структурашкахь талламхо болх бинчул тIаьхьа тахана пенсехь ву Бавди, бакъду мукъа-м вац. Мукъа вац уьншарахьлера ахчанаш, орденш, мидалш гульеш, къардайна хьийзаш лехамехь волу дела. Цуьнан шен мел ду а ца хууш дукха ахча ду. Цунна ца хаьа ур-аттал ша щовзткъа шарахь сов гулдинчу ахчанан мах хадо а.

И ахчанаш, дуьнентIе мел йолу мидалш, орденш цо дIаIалашйина леррина цу гIуллакхна эцначу яккхийчу альбомаш –гуларш юкъахь. Нумизматика Iилманах а, шех кхеттачу ахчанан «цамгарх» а дуьйцуш ву Ахмаров Бавди.

Ахмаров: «Кхарна юкъахь мел ахча ду суна-м ца хаьа. Цхьаъ-шиъ эзар хилла-м Iийр дац. хIара болдх ас беш болу 40 шо сов ду. Ноъхчий бохош дас лаьттах йоьллина, дети ахча а чохь. кIудал карийнера суна жима волуш.хIетахь дуьйна ву-кх со и «цамгар» хьакхаелла.»

Маршо радио: - Дахар кхиарехь.мел тIеIаткъам бина аьлла хетта хьуна нумизматика Iилмано адамийн кхетамна?

Ахмаров: «Нумизматика Iилманах схьадевлла кхин цхьадолу Iилманаш. Цу ахчанаш тIехь истории а Iамало, экономика кхиар а таллало. Бен-бен гIуллакхаш кхочуш ма дина ахчанаша. Ахча юкъадалар бахьнехь мА буьйлабелла баккхий кхмамаш.дахарехь мел долчу массо а хIуманна юкъагIоьртина мА ду ахча. Наполеон, сийлахь полководец, ша цхьана пачхьалкхана тIелатале, харц ахча а дой, шен эскарал хьалха ахча а доккхий, цу пачхьалкхан экономика охьахаош хилла цо. Россина тIелеташ а дина цо изза,кхечанхьа а дина.»

Маршо радио: - Герггарчу барамехь мел мах хир бу хьан ахчанан гуларийн?

Ахмаров: «Дерригенна ас ойла ца йина я и сайн коллекции дIаюхкур яра аьлла суна дагадеъна а дац. ХIоранна а шен мах бу-кх».

Маршо радио: - Хьо Москвахь дукха хьирчина. Хьуна оьрсий а, жуьткий а, эрмалой а дуккха а нумизматаш бевза,мел ахча ду аьлла хета хьуна церан гонехь лелаш?

Ахмаров: «Дера гIеххьа йолчу пачхьалкхехь доцу ахча-м хир ду.Миллиардащкахь ду. Цкъацкъа цIеста пхеа кепакан а хуьлу миллион сом мах.»

Маршо радио: -Кху балхо мел тIеIаткъам бина хьуна хьан амал кхиарехь,хаарш шордарехь? Дахар юхадоло дезча и цамгар юха а хьайх кхоьтуьйтур ярий ахь?

Ахмаров: «Кхоьтуьйтур яра. Кху балхо дукха хIума довзуьйту,хоуьйту».

Суна хетарехь сахьташкахь дуьйцур дара Ахмаров Бавдис нумизматика Iилманах а цуьнан мехаллех а. Шовкъе, хьасартне дуьйцура цо масала МикIлайн хенахь вайнаха а, суьйлаша а дIа цаэцар бахьнехь цхьайолчу орденийн куц-сурт хийца дезна Iедалдайн бохуш.

Ахмаров: «ТIеман совгIатех дезаниг хIара георгиевски ду. Бусулба наха схьа ца оьцу дела цу орденан куц хийцина паччахьан Iедало. Цу юккъехь Георгий Победоносный хилла. И дIа а ваьккхина, цара цу юкъа говран сурт я кхин сурт дуьллуш хилла»

Ахмаров Бавдица къамел деш гучу ма-даллара, нохчашлахь кIезиг бац ахчанаш, мидалш гульеш хьаьвдда лелаш берш а, марканех дезар дина лехамехь берш а, седарчех къилба дина, синтем байна хьийзарш а.

Ишта кхин а, кхин а цхьаболчу нохчаша «тамаше» лору некъ юьхьар а лаьцна, «галбевлла» леларш. Царалахь хакъдоллу баьрччера меттиг дIалаьцна ву соьца къамел дина Теркйист кIоштан Ломаз юьртара Ахмаров Бавди.
XS
SM
MD
LG