ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан ТIеман министро Оьрсийчоь бехке йина, цо тIеман агресси ярна


Украинан ТIеман министро Тенюх Игора Оьрсийчоь бехке йина, «Украинера даьккхина пурба а я, дина варе доцуш, Москохо, дозанаш ца хедоран принципаш йохош, Украинан ГIирма-кIоште пIераскан дийнахь 6,000 салти а, 30 гIагI-диллина машен а хьажорна.» Шоьтан дийнахь Киевехь дIаяьхьначу Iедалан кхеташонехь и дIахьедар дира Тенюх Игора.

ГIирма-гIайренна тIехь юкъаметтигаш гIоьртина ю оьрсийчоьнехьа теIачу гIирмахошна а, Киевехь керла чIагIделлачу Iедалехьа болчарна а юкъахь. Москохана муьтIахь волчу ГIирман премьер-министро Аксенов Сергейс дIахьедар дина шоьтан дийнахь, оьрсийн Iаьржачу ХIурданера эскарш цу кIоштан коьрта гIишлошна ха деш ду, аьлла. Цул а хьалха, цо Путин Владимире кхайкхам бинера, машар а, синтем а хIоттош, гIо дахьара, аьлла.

Оцу юкъанна, Симферополера дуьненаюкъарчу кеманийн портана тIедогIу хIаваан доза дихкина ду. Украинера тIеман хьостанаша бечу хаамца, оьрсийн эскарша урхалла деш Севастополна уллера Белбек кеманийн порт а, Кировскера кеманийн порт а ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG