ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан латта тIехь оьрсийн тIеман ницкъаш лелорца боьзна сацам къобалбина Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно


Украинера хьал лортIе даллалц, Украинан латта тIехь оьрсийн тIеман ницкъаш лелорца боьзна сацам тIеэцна Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно. Документо бахарехь, ГIирмехь беха оьрсийн бахархой а, ГIирма-кIоштахь дIатардина оьрсийн эскарш а кIелхьардаха Iалашо йолуш ву Путин. Оьрсийн эскарш, Украинера политикан хьал лортIе даллалц, цигахь оьрсийн эскарш латтон дагахь а ву оьрсийн президент.

Оьрсийчоьнан Цхьанатоьхначу Штаташкара векал цIавехарх лаьцна хаттар а хIоттийра Федерацин Кхеташоно. Украинан кхерамазаллин гаранташ йолчу пачхьалкхийн хьехамашка ладогIар а юхатоьхна Оьрсийчоьно. И аьлла хаам бира шоьтан дийнахь Украинан арахьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдечу Дещица Андрейс. Оцу кепара кхайкхам Киево Iамерке а, Британе а бахьийтина. Шаьш консультацеш ян кийча ду аьлла цу пачхьалкхийн векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG