ТIекхочийла долу линкаш

Путине дуьненан 3-гIа тIом ца баккхар доьху массара а



Европан кхерамзаллехула а, юкъаметтагашкахула а йолчу Организацерчу (ОБСЕ) Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векала Баер Даниэла дIахьедина, Европан Берто «сихонца» шен тергамчаш хьовсо беза Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинан декъе ГIирме, аьлла.

Оршотдийнахь Венехь Европан кхерамзаллехула, юкъаметтигашкахула йолчу организацин кхеташо йолалуш, Баера ша динчу къамелехь бохура, ГIирме тергамчаш хьовсоро юхаяккха тарло конфликт, аьтто бан мега адамийн бакъонаш ларъярца а, Украинан суверенитет талха ца яйтарца а, цигара машар, кхерамзалла Iалашъярца а.

Женевехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца оршотдийнахь Украинан хьокъехь къамел дира Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхочо Пан Ги Муна а.

Иштта Украинах лаьцна Брюсселехь дийцарш дIахьош бара оршотдийнахь Европан Берта юкъарчу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрш а.
XS
SM
MD
LG