ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавровс бакъйо Крым дIалаьцначу Кремлан позици



Оьрсийчоьнан дипломатин хьукматан хьалханчас Лавров Сергейс Женеверчу Дуьненаюкъарчу Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь элира, Оьрсийчоьно эскарш ГIирма шен махкахой Iалашбеш хьажийна, аьлла.

Цо бехкедира Украинера керла Iедал махкарчу кегий къаьмнашна тIеIаткъам барна. Лавровна хетарехь, керла Iедал националистех хIоттаделла, цо «оьрсашна гIело йо». Украинера кризис ерзо гIерта Оьрсийчоь, цунна дуьхьал Малхбалено санкцеш а, бойкоташ а еттар нийса дац, элира Лавровс.

Украино ца хеддаш дIахьедо, Оьрсийчоь тIамца шайн дозанал чоьхьа а яьлла, цо шен эскарш юхадаха а деза, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG