ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан цIа экккхийтина Исламабадехь



Исламабадехь лаххара а 11 стаг вийна, меттигерчу цхьана кIоштан кхелана тIе а летта. Лазийна ткъеха гергга стаг. Кхелан хIусамашкахь герзаш а дуьйлура, лелхарш а хезара, хаамаш бо журналисташа.

Ассошиэйтед Прессе полицин хьаькама Аван Набис элира, хууш дац юристашна тIелеттарш мел, стенгара бу. Исламабадан полицин куьйгалхочо Хьаят Сикандар хаам бина, ши стаг иккхина кхела чохь, аьлла.

ТIелатар дина Пакистанан Iедало, тIалибашна кеманашца тохарш дар ша сацадо аьлла дIахьедина де а далале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG