ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнатоьхна Штаташ: Кавказхошна гIело йо Оьрсийчоьно



Адамийн бакъонийн терго еш хIора шарахь ша арахьоьцуш хуьлу рогIера рапорт арадаьккхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. Хьахош ду Къилбаседа Кавказера хьал а. Оьрсийчоьно цигахь къаььсттина къиза талхайо нехан бакъонаш, латтайо, къайла а яьхна, набахтеш, гIелойо Iедало ша лоьцучарна, джихIадан боламна дуьхьало йо бохуш, ницкъ бо массо а бахархошна, боху рапорто. Тоьшалла далош довзуьйту дуккха а терахьаш а, Iедалера юьйлу къизалла гойту хиламаш а.
XS
SM
MD
LG