ТIекхочийла долу линкаш

Набахтийн дайша харцдо тутмакхийн аьрзнаш



Нохчочо Гелагаев Лом-Iелас шена ша чохь кхобучу Карелерчу набахтехь ницкъ бо аьлла, адвокатехула баржийна хаам бац, жоп делла «Кавказан Узел» агенталлана Оьрсийчуьрчу набахтийн куйьгалхочун пресс-секретара Фефелов Виталийс.

Гелагаев Лом-Iела набахтехь шена йиттинчул тIаьхьа 43 дийнахь мацалла лаьцна Iийра, хаам бинера хьалхо цуьнан адвоката Яшина Светланас. Иза бакъхилар тIечIагIдора Кареле Гелагаев волчу бахана хиллачу нохчийн бакъоларъярхоша а.

Оццу кепара бу Маршо Радионе кест-кеста Карелерчу а, Архангельск-махкарчу а набахтешкарчу нохчаша бен леткъамаш а.
XS
SM
MD
LG