ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортацин зама гойту Магомадов Русланан "Чиллано"


Нохчийчоь - 1944 шарахь вайнах махкахбаьхнга хан дагалоцуш яьккхинчу филман премьера яра соьлж-ГIалахь.
Нохчийчоь - 1944 шарахь вайнах махкахбаьхнга хан дагалоцуш яьккхинчу филман премьера яра соьлж-ГIалахь.

Соьлж-ГIалахь «Чилла» цIе йолчу филман премьера дIаяьхьна. Къам махкахдоккхучу хенахь лелла сурт ду цуьнан автора Магомадов Руслана хIоттийнарг.




И кино, нохчий цIерадахарх яц, адамийн юкъаметтигех а, вовшех хила безачу ларамах а ю, боху ша Магомадов Руслана.

30 минотех йолу и филман чулацам иштта бу. Кхана арадоху аьлча, шек а воцу ши ваша хьуьнха воьду, шайн жена тIелетта борз ен. Ка ца йолуш, циггахь буьйса йоккху цу шиммо. Iуьйрана бехха некъ а бина, юьрта дIакхаьчча, иза еса карайо.

Ларш тIехула дIавахча, эвла йистехь нах го, тIе герз а лаьцна "студебеккершна" тIехьовшош. Жимахверг тохало царна тIевада, амма вокхачу вашас иза сацаво. ТIаккха карара а волий, шегара топ тоха гIерта жимах волу Мамил. Воккхачо топ схьайоккху цуьнгара. Шен нене кхойкхуш велха гIертачу Мамила вешига бага етта, «хьо стаг вац, хьо борша а вац», бохуш.

ТIара туху вукхо. Шен вешех лата чухьоду Мамил. Басахь лайла керчаш, кегдеш, чуьччахахкало ши ваша. Вокханиг тIулгах корта кхетий, циггахь ле. КIайчу лайлахула охьадоьгIу шовда цIело. Ша цхьалха вуьсу Мамил, шен вешин докъана уллохь, анайисте а хьоьжуш. Гонахь стагга а вац.

И филм артхаус жанрехь яьккхина ю. Ойла йойтуш. Коьрта турпалхочо сих-сиха локху нохчийн халкъан эшар, Ичкерин гимн «Буьйсанна борз ехкаш, дуьненчу девлла тхо».

"Чиллан" премьера хиллачулла тIаьхьа режиссере Магомадов Руслане Маршо Радионо хаттар делира, цунна хетарехь, муьлхачу хьажархочуьнна лерина яьккхина ю и кино, аьлла.

Магомадов: «Сан важа филм, массо а фестивалашкахула чекхъяьлла йолу «ЦIа», иза артхаус жанрехь яра. Иза ойла ечу хьажархочунна лерина яра. ХIара филм йоккхучу хенахь, хьажархойн го шорлур бу аьлла дара тхан. Боккха чулацам хиларал сов, иза яьккхина ю хьажархо дIавоьллачу амалехь».

Магомадов Руслан ша Нохчийчохь жималлехь бен ваьхна вац. Нохчийн мотт ша ца бийцахь а, шена оьшуш ду аьлла хета цунна и тайпа кинош яхар.

Магомадов: «Историйн кинош яхар, ночийн къоман истори йовзийтар вуно оьшу. Иза чIогIа маьIне ду. ХIара филм историн хилла а ца Iаш, цо кхин хеттарш а айдо. Муьлхачу а адаман юкъметтиг талха мега, вешица а, деца а. Оцу кинога хаьжча, муьлхачо а ша хIоттор ву коьрта турпалхочун метта. Ша муха, хIун дийр дара оцу хьолехь, аьлла.

Баккхийчаьрга ладогIа деза, Кавказехь санна. Суна лаьа Нохчийчохь дехачу кхачамбацарех лаьцна филмаш яха а. Амма ахча дац. Иштта, цакхетам а го суна, дикка кино яьккха шортта хан а, ахча а оьшуш дуйла».

«Чилла» филман премьере кхайкхина баьхкина дуккха а нах бара. Баккхийчу наха хьала а буьйлуш, дуьйцура шайна филмах хетарг. Иштта боху хьажархочо Ахьмада а.

Ахьмад: «Суна-м хазахийтира иза. Хаза а, дика а яьккхина кино ю. Баккхийчара дийцина ду-кх иза шадерг. Сол кегийчарна ас ца дийцича, хуур дац иза. Иштта кинош йохуш хилча, вай дайшна хIун дайна а, хIун таIзар лайна а хуур дара. Кегийчарна хаа дезаш ду и дерриг а».

Магомадов Руслана хьалхо яьккхина «ЦIа» филм дуьненаюкъарчу дукхаъчу фестивалашкахь а, конкурсашкахь а хьалхара меттигаш йохуш схьаеъна. Иза ю Соьлж-ГIалахь тIом болабелча цIахь висинчу цхьана къаночух лаьцна. ХIинца яьккхина «Чилла» а иштта дика тIеоьцур ю аьлла тешаш иза а, филман хьажархой а.
XS
SM
MD
LG