ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь Оьрсийчоьнан эскарш дац, чIагIдо Путина



Путин Владимира шена хьашт ду аьлла ца хета Украине Оьрсийчоьнан эскарш хьажо, элира ша шинарий дийнахь шен пресс-конференцехь. Украинехь хилла карчам конституци йохош, герз хьалха даьккхина бина бу, бохура Путина.

Янукович Виктор лигитимехь президент ву цкъачунна, амма цуьнан политикехь хиндерг дац, аьлла хета оьрсийн президентна.

Крымах дерг цигарчу бахархоша къастор ду, ткъа Украинаца юкъаметтигаш Оьрсийчоьно меттахIиттор ю цигахь керла харжамаш хилча, амма террорца Iедал дIалаьцначийн харжамаш къобал бойла дац, бохура цо.
XS
SM
MD
LG