ТIекхочийла долу линкаш

Миллиард доллар Украинана - Iаьмеркара



Шинарий дийнахь Киеве веъна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан куьйгалхо Керри Джона. Цо хаам бира, Вашингтон кийча ю Украинана 1 миллиард долларна гIодан аьлла.

Малхбале оцу юкъанна ойла еш Iа, муха арадахийта деза Оьрсийчоьне ГIирмара шен эскарш, хIун экономикан, дипломатин таIзар дан догIу Кремлна. Керрица баьхкинчу Iамеркарчу хьаькамаша довзийтира муьлхачу Iалашонашна хьажадо Iамерко ахча: кредиташ дIакъовла, махкахь энергин ягочух дIадала, харжамаш дIабахьа, коррупцица къийса.

Вашингтонера еъначу делегацино иштта хаам бина, президент Обама Барак къасталуш ву Оьрсийчоьнна дуьхьалъяха йогIучу санкцешца, аьлла.

Хьалхо Штатийн тIеман урхалло дIакхайкхийна ша Кремлца бина тIеман гIуллакхашкахула бинчу берта хьелаш юкъахдоху, аьлла. Оцу юкъахь ду эскарийн цхьаьна дIадахьа кечдеш хилла Iамораш, инарлийн цхьаьнакхетарш.
XS
SM
MD
LG