ТIекхочийла долу линкаш

Олимпиада дIаяьлла. ХIун до хIинца гIишлойх?



Сочера олимпиада йирзича хIун хир ду цигахь йинчу спортан 800 гIишлонна боху хаттар лаьтта хIинца бухарчу а, пачхьалкхан а Iедална хьалха. Москох арадолучу «Ведомости» газето, цIе ца яьккхинчу Кремлерчу хьостанна тIе а тевжаш, хаам бина, и гIишлош латто 6,5 миллиард сом ахча оьшу шарахь, аьлла.

Кхеташ ду оццул ахча Краснодар-мехкан хир доцийла. Уьш шен каралучу Оьрсийчоьнан спортан министраллан-м муххале а хир дац гIишлошна ахча латтадойла. Цкъачунна билгал ца даьлла, пачхьалкхан бюджетера Соче мел ахча кхочур ду. Олимпиада дIаяьлча а, халкъо шен чоьтах латто безаш бу цигара бахам, боху «Ведомости» газето.
XS
SM
MD
LG