ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIапхой текхаш бахабеза луш долу гIо схьаэца?


ЗаьIапхошка ларам бац Нохчийчохь
ЗаьIапхошка ларам бац Нохчийчохь

Нохчийчохь лаьттачу харцонашна къел ца леш, дийна бисинарш, дукхахберш, заьIап бу тахана. ЗаьIапхой алссам болуш мохк Нохчийчоь хиларе терра, царех хила догIура Оьрсийчоьнан массо а хьукматийн тидамехь. Амма кхидолу хьашташ а санна, юьстахдуьсуш ду заьIапхой дахар аттачу даккхар а.




Къилбаседа Кавказехь уггар дукха заьIапхой болчу кIоштех цхьаъ ю Нохчийчоь. Церан терахь кхечу меттигашкхахьчул кхузахь лакхар хилар цкъадолчунна дозаделла ду махкахь тIаьхьий-хьалхий лилхинчу тIемашца а. Бен-бечу хьостанаша далочу терахьашца тIамца доьзна, Нохчийчохь дегIана йина чевнаш бахьнехь,баккхийнаш боцуш, айпе дисна I5 эзар гергга бер, делла 40 эзар сов.

Царна, зIаьIапхошна, берашна а, баккхийчарна а, кхачанца а, бедаршца а, цхьацца гIирс-коьчаллица а гIо деш дуккха а Iедалан а, юкъараллин а хьукхмат- урхаллаш ю махкахь.

Мел тоаме ду и гIо бохург ша къаьстина хаттар хиларна, тидаме а ца оьцуш аьлчи, цхьаболчу зIаьхапхоша даре до, шайна деш долу гIо, леррина лело хIуьттаре-гамо санна, вуно чIогIа халонга даьккхина Iедалехь болчара бохуш.

Иштачех ву Теркйист кIоштера Мурадов Ваха а. Цо дийцарехь луш йолу хIума памперс елахь а, духар делахь а Соьлжа-гIалахь бен ца яларо хаза нехан санна хало яллайо нахехь.

Мурадов: «Памперс ерг, кхин хIума ерг – шаерг цу гIали чу а йоьхкина, бала хьоьгийта нахе. Цу шелонехь рагI ларьеш лаьттина цомгаш а хилла йоьжна сан хIусамнана. Кхузара бIе сов чакхарма дIа а йоьдий, очартехь лаьтта.

Шовзткъе итт а, везткъа стаг хуьлу боху рогIехь лаьтташ. Нах чубаха-м стенна дуьйцу, ур-аттал охьаха а меттиг а йоцуш, адам хьийзадо. Цхьана дийнахь рагI тIе а ца кхочуш буьйса яккха езаш меттиг а нисло. Нах, зIаьIапхой, мел бу хууш ма ду. ТIаккха кIошташкахь дан ца мега и гIо? Массаьргахь телпош ю.

КIоште а баьхкина кху мете схьадуьйлу аьлла зIе тоьхчахьана , оха дIа тIе а дахна, луш ерг схьаоьцур яра.Iедалан коьртехь болчарна хуучух тера дац цара заьIапхошца лелориг. ХIусамнана йоцург соьга кхин хьажа стагга а вац, и яха йоьдий со-со вуьсу-кх. Бала а кхаьчна Iедалдайша аьтто бийр бац те нехан?»

Мурадов Вахасс чIагIдарца, кIошташкахь дуккха а Iедалан структураш ю баккхийчарна а, гIийла бохкучарна а, ветеранашна а гIоьнна аьлла кхоьллина. «Ца хуьлчу даьлча,- боху Мурадовс,- хан а йойуш, харж а йойтуш бахархой гIала а ца оьхуьйтуш цаьргахула дIакхачо а тарлора заьIапхошна деш долу гIо.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG