ТIекхочийла долу линкаш

Атлантикан тIеман альянсна юкъаяха лаьа Украинана



Шайн пачхьалкх Атлантикан тIеман аьлянсна (НАТО) юкъаяхарх долчу низаман проект йийцаре еш ю Украинан парламент – Лакхара Рада. Документо боху Малхбузенан альянсах мохк дIатохар пачхьалкхан коьрта Iалашо а ю, оцу гIулчо бен арахьара тешнабехкаца тIелата дог долу пачхьалкхаш оцу лаамах юха а йохур яц.

Проект кечйина парламентерчу «Батькивщина» партин декъо. Кхаарий дийнахь Украинан дозанан урхалло хаам бина, ша «Доза» цIе а тоьхна, махка Оьрсийчуьра экстремисташ кхочур боцу операци йолийна аьлла. ГIирман, Запорожьен, Херсонан мехкашца долчу Оьрсийчоьнан дозанехь чIагIйина доза Iалашдаран раж.

«Укринформ» агенталле дозалардечу эскарийн буьйранчас Шишолин Павела бечу хаамца, цуьнан куьйга кIелхьара 8 дакъа ду оьрсийн эскарша гонехь латтош, эпсаршна а, церан доьзалшна тIеIаткъам бо Оьрсийн къайлахчу сервисо.
XS
SM
MD
LG