ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лелхийтаршкахь 14 стаг вийна БагIдадехь



БагIдадехь, шиIаташ бехачу меттигашкахь динчу массех эккхийтарехь велла лаххара а 14 стаг, иттаннашна чевнаш хилла. Шааб, Садр-сити, Кхаррада кIошташкахь дина лелхархийтарш. Уггаре дукха адам хIаллакьхиллачу 2008-чу шеран барамашка кхоччуш ду тIаххьарчу заманахь дина дараш. Кхушеран шина баттахь 1800 гергга стаг вийна Иракъехь. Политикаша а, журналисташа а чIагIдарехь, суннаташ шиIаташца девнехь хилар ду бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG