ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера мухIажирш бу баьржина бохург бакъдац



Къибаседа Кавказерчу хьакамаша, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн дайша санна, хаамаш баржабо, шаьш кийча ду Украинера мухIажирш тIеэца бохуш. Оьрсийчоьнан дозанехь цигарчу 143 эзар вахархочо тховкIело ехна, аьлла даржийна Оьрсийчоьнан дозалардаран урхалло.

Амма и терахьаш харцдо «Гражданское Содействие» цIе йолчу юкъараллан лидера Ганнушкина Светланас. «Миграци а, бакъо а» олуш юкъаралла а ю Ганнушкинас куьйгалла деш. Шайга мухIажиралла хьахош къамеле ваьлла тоххара дуьйна а Оьрсийчоьнан гражданаллехь волу Украинера виъ вахархо бен а вац, ткъа баккъал а цхьа бохам иккхинчу мехкашкара нах шайна даима а бовлу зIене, боху цо.

Оьрсийчоьнан телевизионаша, Украинера уьду нах гойту бохуш, баржийна видеогайтамаш а бу, дуккхаъчу хьостанаша тоьшалла дарехь, Украинан кхечу дозанехь, Польшина гергахь, баьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG