ТIекхочийла долу линкаш

Абадиев Мусана Интернет мархйоккхуш ю ФСБ


ГIалгIайчоь --Абадиев Муса, блогер

ГIалгIайчоь --Абадиев Муса, блогер

Политикан бахьанашца Iаткъам бо Iедалша гIалгIайн вевзаш волчу блоггерна Абадиев Мусана. Иза бехкево цо ша язйинчу артикалца низамаш дохийна аьлла. Ткъа хилларг ду цо хьаьакамийн ма-ярра ц1е яккхар, харцонаш лелорна уьш бехкебар.




Абадиев Мусана дуьхьал гIаттийна дов ГIалгIайн республикан кхело листа долийна дукха хан яц - цхьа- ши бутт. Блогер а, юккъаралхо волу и жима стаг бехкево цо шен блогехь язйинчу артикалца, пачхьалкхехь къаьмнийн юккъметтиг а талхош, адамаллина дуьхьал иза дина аьлла. Селхана хила езаш яра кхелан рогIера кхеташо, амма девзаш доцчу бахьанашца иза кхин а цхьана кIиранна тIаьхьатеттина. Шега Абадиев Мусага хаьттира Маршо Радионо, хIун бахьана долуш гIаттийна цунна дуьхьал дов.

Абадиев: «Ас и артикл Хашагульгов Султан-Гирех лаьцна язйинера. Иза стохка вийначул тIаьхьа, шозлагIчу дийнахь. Интернетехь Iаламат чIогIа вон яздинера вийначух, «атта-м ца вий и террорист», бохуш. Суна новкъадеанера иза, ас яздинера, хьашт доцуррг ма дийца аьлла. «Шу кхуза къепе хIотто даьхкина ма дай, кхузахь иза дале, уггаре хьалха, шайн цIахь ян еза аш иза, аьлла. Шо хьалха язйина ю ас иза, хIинца бен цуьнан тидам а ца бина цара».

Абадиев Муса махкахь а, «Дийна Журналехь» а вевзуш блогер ву. «Хардингуш» ша шех олуш, оьрсийн низамхойн могIанашкара язъечу цхьана блогерна дууьхьала арз динера цо, къомана а, нахана а тIе нехаш хьоькхуш, зуламаш леладо цо, аьлла. Оцу гIуллакхна ша тIекхайкхинчу къайлахчу сервисан белхахоша, шега дина къамел довзийтира цо.

Абадиев: «Соьга ФСБ-н белхахочо элира, ас хьаштдоцург дуьйцу, БуьрийIехь набахтехь кхобу кегий нах а ма бийца, террористашца дийцарш ден а ма баха. Иза ду-кх соьга цара бохург. Евкуровна а ле мегар ду хьуна боху, амма ницкъаллийн структурашна ма ле боху. Бакъоларъярхойх цхьана белхахочо элира соьга, салафийян агIонча хьо ца хилар бахьана долуш, маьрша лелар ву хьо. Иштта хьо вацахьара, вийна дукха хан хир яра аьлла».

Муцольгов Мохьмад цIе йолчу кхечу юккъархочуьнна, Оьрсийчохь вевзаш волчу бакъоларъярхочуьн шеко яц Абадиев Мусана дуьхьал долийна гIуллакх политикан бух а, бахьана а долуш хиларан. Маршо Радиога цо иштта элира.

Муцольгов: «Муса суна вевза. Иза иман а, яхь а йолуш, вайнеха жима стаг ву. Цунна политикаца доьхна Iаткъам бо. Низамца догIуш хIума дац цара бохург».
Муцольгов Мохьмад а, я кхиболу меттигера юккъархой а ца кхета, шайна хетарг а, гушдерг а, тIехь цхьа кхерам а боцуш, дийца йиш хIунда яц, ткъа кхечеран, масала, Жириновский Владимир санначийн, майрра хIуъа дIаала йиш хIунда ю.

Муцольгов: « Жириновскийс а динера харц къамел. Оха кхеле веллера иза. Тхуна магош дац хIума ала, ткъа Жириновскийна магош ду, кхечарна а магош ду. Нахана тIехь тIаIзар де боху цара. Низамаш а дохадо. Цаьрга хIумма а ца олу Iедало, ткъа кхо, шен накъост вийчаиза халонга а даьлла, сихвелла яздинарг башха доккха хIума а дац, цунна дуьхьал зуламан гIуллакх а долийна, кхел ян бохку. Иза шалхенаш хилла а ца Iа, иза цхьа гIурт бу».

ТIаьххьарчу хенахь тIом а, къийсам а Интернете, блогашка а, Фейсбуке а, кхечу хьостанашка а бирзина. Компьютер хьалхахь, милла а хьо велахь а, бакъо цхьаъ ю моьттуш велахь, боккха тешнабехк хуьлу. Хьо даима а цхьаьннан гуш йоцчу тергонехьву дийнахь а, буса а.
XS
SM
MD
LG