ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пусси Райотерчу зударшна тIелетта Нижний Новгородехь



Еарий дийнахь бевзаш боцурш тIелетта Оьрсийчуьрчу Пусси Райот олучу панк-тобан декъашхошна Толоконникова Надеждина а, Алехина Марияна а. Нижний Новгородерчу Макдональдсехь хилла иза, шина зудчун адвоката Губин Евгенийс хаам барехь.

«Зеленка» олу баьццара молха ластийна цу шинна юьхьтIе, маьттаза хIуманаш а дуьйцуш. Оцу бахьанийца полице яьлла ший а.

Хьалхо, дуьненан олимпиада ерзале, Сочехь, Путинна дуьхьал йиш локхуш йоллучу цу шинна а, церан накъосташна а тIелеттера гIалгIазакхий.

Путинна дуьхьал килсахь йиш лакхъарна ши шо гергга хан набахтехь а текхна, араяьлла ю Толоконникова а, Алехина а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG