ТIекхочийла долу линкаш

Сацамийн «тIемаш» лаьтта Украинаний, Оьрсийчоьнний юкъахь



Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс дIахьедина, цивилан дуьнено къобал ца йо ГIирмехь иза Оьрсийчоьнах дIатухуш хуьлу боху референдум, аьлла. Киевехь къамел деш Яценюка бохура, Оьрсийчоьно арадаха деза ГIирмара шен эскарш, дита деза сепаратизм марсаяхар.

Еарийн дийнахь ГIирмарчу парламенто шена мохк Оьрсийчоьнах дIакхетийла лаьийла а хоуьйтуш, кху беттан 16-чу денна референдум кхайкхийна.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин шина а палатано къобалбина ГIирмерчу парламентам лаам. Думин спикера Нарышкин Сергейс, шен палатано ларамбо гIирмахойн эисехь буьсур болу сацам, бохура. Лакхарчу палатин лидера Матвиенко Валентинас а элира, ГIирмин парламентан бакъо ю плебесцит дIаяхьа, шен палатано ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар къобалдийр ду.
XS
SM
MD
LG