ТIекхочийла долу линкаш

Бомбанаш лелхийтина Овханистанехь юха а



ОвхIанистанерчу куьйгалхоша хаам барехь, Нангархар провинцерчу Назаран кIоштан да Карман Нур-Ага вийна машенах йоьллинчу бомбано Джалабадехь шоьтан дийнахь. Лазийна цуьнца хилла массех цуьнан салардархо а, тIехбовлуш хилла маьрша нах а.

Иштта, Лагман провинцехь эккхийтинчу бомбано вийна ОвхIанистанан виъ эскархо а, шиъ полисхо а. Шинхьа а бехк шайна тIлаьцна тIалибаша. Бутт баьлча, Карзай Хьамид хуьйцуш, президентан харжамаш дIабахьа лерина ю ОвхIанистан.
XS
SM
MD
LG