ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан, Оьрсийчоьнан дипломатин тIамехь



Украинан арахьарчу гIуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдечу Дешица Сергейс дIахьедина, Украина цкъа а къаста реза хир яц ГIирмех, Киево дерриг а до цигахь конфликт машарца ерзош, аьлла. Цо шоьтан дийнахь пресс-конференци луш, дийхира дуьненаюкъарчу организацешка Оьрсийчоьно шайн махкана агресси яр талла кхачаре.

Иштта Москох шен пресс-конференци хIоттийначу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс а бохура, Оьрсийчоь яц ГIирмехь кризис хIоттарна бехке. Цунна хетарехь, маьрша дац Киевера керла Iедал, радикалаша тIеIаткъам бо цунна. Лавровс бехке йира Киев Украине оьрсийн журналисташна бахка дехкарна. Иза Iаламат йоккха харцо ю журналисташна дуьхьал, элира Лавровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG