ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалин сийдар доьху Путине



Нохчийчоьнан парламенто кехат хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Соьлж-ГIалина «ТIеман сийлаллин гIала» цIе тиллар доьхуш. Депутаташа иза дузу 1942-чу шарахь Кавказ яккха гIертачу Гитлера Соьлж-ГIала схьаяккхар шен коьрта Iалашо лоруш хилла хиларца. Цунна новкъарло еш, бухарчу бахархоша дуьхьалонан гIишлош, юттуш, оьрнаш дохуш къахьийгира, иштта кIелхьара яьккхира Соьлж-ГIала, боху парламенто.

И тайпа дехарш мехкан таханлерчу Iедало а, парламенто а хьийсийна Москох хIинцачул хьалха кхузза а.

XS
SM
MD
LG