ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балкахарой бохийна 70 шо кхаьчна



Шоьтан дийнахь 70 шо кхаьчна Сталинан Iедало балкхарой махках а бохийна, Юккъерчу Азе хьовсийна.

Гулам хилира Нальчикехь балкхарой бохор дагалоцуш массех шо хьалха хIоттийначу хIолламна гергахь. 600 сов стаг вара цигахь. Балкхаройн тезетан гуламе баьхкинера дуккха а гIебартой а. Иштта вистхилира, балкхарйшка кадам а беш, мехкан ден декхарш кхочушдеш волу Коков Юрий а.

Балкхарой бохош, царех юьзина 14 цIерпоштийн ковра хьажийна хилла Сталинан режимо Азе. Къомах доккха дакъа делла Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а. Вайнах а санна, 13 шо даьлча меттахIоттийна балкхаройн автономи, аьлча а, ГIебарта-Балкахройчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG