ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Асланан тIаьххьара интервью


Масхадов Аслан - Нохчийчоьнан президент (1997-2005)
Масхадов Аслан - Нохчийчоьнан президент (1997-2005)

9 шо хьалха Девкар-эвлахь, нехан цIийнахь, шен къоман айкханчийн гIоьнца вийра оьрсаша Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан. Официалехь боцчу хаамашца, иза цуьнан дехарца дира уллерчу цхьамма, тапча а тоьхна.


Масхадов Аслан тахана а хууш дац стенгахь дIавоьллина. Нохчийн къоман балаберш тахана а бу нийсо лоьхуш - бусулба дино ма-хьоьхху Масхадов Аслан дIаволлийтаре сатуьйсуш.

Нохчий исторехь хууш дац кхидIа мел хир бу къоман кховзамаш, мел богIур бу махка шайх цхьана ханна, цхьана гоно «хьалхара президент» цIерш тохку нах. Амма нохчаша шайн Маршонан болам дIахьош Дудаев ЖовхIарал тIаьхьа хаьржинчу ШолгIачу президентан Масхадов Асланан сий дуьсур ду ца довш.

Масхадов Аслана шен дахарехь тIаьххьара къамелаш динарг Маршо Радио яра. Цо дозалла а до цунах. Иштта дара и къамелаш.

Масхадов: «Кху чохь хилларг а, хиндерг а: рогIера, дIо Москвара, вала а вой, национал-предатель хIоттаво-кх вайн халкъана тIе, шен ворхIа дегара дуьйна дIа гIазакхаша аьлларг дан а дезаш, царна мутIахь а волуш, царна куьг а таIийна, Делах вала бахахь а, халкъах вала бахахь а, шен халкъана дуьхьалвала бахахь а – цара аьлларг дан а дезаш, шайн гIоьнча дIахIоттаво-кх цара, кху метте, чу а валавой».

Масхадов: (Ша вийча, хIун хир ду дуьйцу президента - М.Р.) «ГIазакхаша кху чохь толам боккхур бара бохург – иза бакъдац. Кху чохь тIом лаьттар бу-кх тIаккха. Шарахь, шина шарахь, кхаа шарахь, итт шарахь. Кхин оха хIара къийсам, хIара Iазап, хIара сингаттам тхайл тIаьхаькхуьучу тIаьхьене дIакховдор бац. ХIара дерриг а оха тхайна тIелаьцна».

Масхадов: «ХIара тIом дIаберзо оха дIакхайкхийнарг – принцип обусловленной независимости. ХIокху дуьненан бакъонашца. Кху дуьненан бакъонан институташ ерраш а вовшахкхетта, тIом цаьрга саца а байтина, цу стоьла тIе уьш охьаховшур болуш. И цара шайна тIелоцу...тIаккха хIокху чохь и тIом сецча, гIазакхийн эскарш арадоху, тIаккха дуьненаюкъара администраци ...цуьнан куьйгаллица кху чохь юха а пачхьалкхан кеп дIахIоттайо, Iедалан кеп дIахIоттайо, Россица юкъаметтиг а къастайо. Ишттачу некъана вай резахилар вай кху дуьнене а дIакхайкхийна ду. Кхин некъ вайна гуш бац».

Масхадов Аслана шен дахарехь тIаххьара интервью елларг а яра Маршо Радион нохчийн редакци. Иза хIара ю. Зазадоккху-беттан 4-гIа де, вен кхо де дуьсуш. Долаоьцийла аз шайн компьютерш чу историкаша, нохчийн къоман президенте ларам мел кхобучо а.

Линкана тIе

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG