ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь а ю латкъамаш беш


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло ша саготта хилар хаийтина Украинехь малхбалерчу кIоштIашкахь бехаш болу оьрсий хьийзош хиларна. Министралло динчу дIахьедар тIехь дуьйцуш ду, Шоьтан дийнахь Киеверчу Iедало хецна битинчу «АьрроагIор сектор» олучу тобанца боьзначу туьтмаьжгаш йоьхна хиллачу наха герз диттина машаран демонстрацина тIе бохуш.

Харковерчу полицино дIахьедар дина хилларг хIумма а доцург ду, ткъа цу юкъаозийна «АьттоагIор секторан» декъашхой бу бохург мила ву ца хуучу стага телефонехула алар бен кхин боху болуш дац аьлла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цул сов латкъам бина Днепропетровскехь шайн 7 журналист дIалаьцна аьлла.

Оьрсийчоь реза яц Малхбузе цуьнах лаьцна хIумма а ца олуш Iад Iарна. Украинин Iедалша а, Малхбузерчу пачхьалкхийн лидерша а бехке еш ю Москох харц дерг дийцарна а, президент Янукович даржах вохийна нах экстремисташ болуш санна сурт кхолла гIертарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG