ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь тIалибаш дуьхьал бу президентан харжамашна


Охан-беттан 5-чу дийнахь ОвхIанистанехь хила безаш болу президентан харжамаш бойтур бац шаьш аьлла дIахьедар дина цигарчу тIалибаша. Цара кхайкхам бина шайн агIончашка харжамийн каппашна а, кхерамазаллин ницкъашна а тIелатарш де аьлла.

Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду Оршотан-дийнахь France-Presse агенталлан електронан почтехула кхаьчначу дIахьедар тIехь. 2009-чу шарахь ОвхIанистанехь президентан харжамаш болуш тIалибаш цхьамогIа тIелетарш дира махкахь. И бахьана долуш вийра лаххара а 30 маьрша вахархо а, 26 эскархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG