ТIекхочийла долу линкаш

Москох "Машаран марш" вовшахтоха дагахь ю оппозици


Оьрсийчоьно Украинин суверинитет йохорна дуьхьал Москох «Машаран марш» дIаяхьа дагахь бу оппозицин агIончаш. И акци хир ю кху беттан 15-чу дийнахь. Цуьнан декъашхой буьйлалур бу Пушкинан майданера «Тургеневская» метрон социйле кхаччалц.

Цигара Сахаровн проспекет а бахана, митинг дIаяхьа дагахь бу уьш. Цкъа дуьххьара оппозицин жигархой дагахь бара Тверская урамехула буьйла а белла, Манежная майданахь митинг дIаяхьа. Амма Москох мэри реза ца хилира и маршрут чIагIъян.

Акци вовшахтухуш волчу Рыклин Александра «Эхо Москвы» радионна интервью луш аьлла шайн коьрта Iалашо Оьрсийчоьно Украинехь деш дерг емал дар ду, маршрут къийсар дац аьлла. Даханчу кIиранах Москох 400 стаг дIалаьцна полицино Оьрсийчоь тIамца Украине чугIортарна дуьхьал хиллачу акцешкахь дакъалаьцна аьлла.
XS
SM
MD
LG