ТIекхочийла долу линкаш

ХIинцалерчу пачхьалкхийн дозанийн хIоттам шеконе буьллу латтанаш дIадахаро


Украина -- Украинехьа болу жигархой бу (Аьрро) оьрсийн президентан Путин Владимиран васт Гитлер Адольфан куьйцехь кечдина, Киевера Германин векалаллина хьалха, Заздоккху-беттан 11, 2014.

Украина -- Украинехьа болу жигархой бу (Аьрро) оьрсийн президентан Путин Владимиран васт Гитлер Адольфан куьйцехь кечдина, Киевера Германин векалаллина хьалха, Заздоккху-беттан 11, 2014.

Украинан дакъа долчу ГIирмера официала Iедалшца цхьаьна, ГIирма Оьрсийчоьнан Федерацех дIатоха референдум вовшахтухуш а йолуш, Оьрсийчоьнан низамашкховдорхой бу, Москохан ГIирма шен латтанех тохар аттачу даккха леррина низаман проект кечъеш. Маршо радионан корреспондента Коалсон Роберта цу хьокъехь хаттарш делира, Оксфордан Университетера дуьненан юкъаметтигийн коьрта Iилманан белхахо а, «ТIеман низамийн документаш» цIе йолчу арахецаран редактор а волчу Робертс Адаме.

Маршо радио: Дуьненаюкъарчу бакъонаша муха мах хадабо аннексин, аьлча а, кхечу пачхьалкхан латта дIадаккхаран?

Робертс Адам: «Дуьненаюкъарчу юристаша а, дуьненан юкъаметтигаш Iамочу, сан темехь болчу студенташа а, дукха хьолахь, оккупаци йинчу Iедалша нуьцкъала дIалацар санна кхетадо. Аннексина дуьхьал хаза нехан санна чIогIа дуьненаюкъара норма ю – 1945-гIа шарел тIаьхьа тIеэцначу низамийн бух бу ала а мегар долуш.»

Маршо радио: Аннексех хьакхалуш, юьхьарлаца беза дуьненаюкъара берташ буй?

Робертс Адам: «Цигахь цхьа а билгалбаьккхина барт бац. Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Бакъонийн артиклах а, 1945-чу шеран дуьненаюкъарчу практикера а схьадовлучух тера ду уьш. Масала, Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан резолюцеш чIогIа шога хилла аннексин хьокъехь. Кувейт яккха гIерташ, Иракъо 1990-чу шарахь лелийнарг дара. Ма-дарра аьлча, шех дIатохар дара иза. Кхеташо цунна дуьхьал елира. Оцу юкъахь, хIетахь хилла Советан пачхьалкх а яра.»

Маршо радио: 1945-чу шарахь дуьйна низамехь аннекси а йина, дуьненаюкъаралло тIеэцначуьн масалш дуй?

Робертс Адам: «Бертаца латта дIадаларш хилла, амма иза дIдадаккхар дац. Кхин а хилла, Туркойчоьно къилбаседера Кипрехь лелийна, латта дIадаккхарх тера хIума.
Къилбаседа Кипр Туркойчоьнан дакъа ду аьлла цкъа а дIа ца кхайкхийна. Цундела, иза юкъара хIума дац.

Маршо радио: Цхьана пачхьалкхан кхечу пачхьалкхан декъаца юкъаметтигаш хиларан масалш дуй, масала, Москохо чIагI ма-дарра, цуьнан ГIирмица долу?

Робертс: «Дуккха а пачхьалкхаш ю, кхечу латтанашна тIехь долчуьнца ца къаьсташ болу берташ болуш. Масала, цхьана юкъанна Хорватин барт бара Боснехь бехачу хорваташца, царна Хорватин паспорташ луш. Царна цхьаболчарна, школин хьехархошна, Хорватин Iедалша алапаш лора. Къилбаседа Боснера школашкахь болх беш хиллачу школийн хьехархошна алапа Хорватин Iедалша лора. Цундела, и тайпа хIума хилла ду.

Иштта, Оьрсийчоьно а дира Гуьржийчоьнах дIакъастийначу Къилба ХIирийчохь а, Абхазехь а изза. Цунна дуьхьала, цу латтанашна тIехь шен тIеIаткъам бан меттиг а йоккхуш. Иза а хуьлуш хIума ду. Амма гIирмехь сагаттадойтуш ерг, Оьрсийчоьнан амал ю. Цара ГIирма дIалаьцна, цига эскарш хьовсийна. Оккупацин ницкъаша сих-сиха дуьйцу, латта я адамаш лардо бохуш.

Делахь а, уьш оккупацин ницкъаш бу. Оцу кепара, кхане къастон Iалашонца ГIирмехь дIахьур йолчу муьлххачу а референдумна тIеIаткъам бо цара. Сингаттам стенца боьзна бу аьлча, цигахь оккупацин ницкъаш хиларца а, цу референдумна тIехьовса боьлхучу дуьненаюкъарчу хьажархойн эвсараллица а.

Маршо радио: Нагахь санна ГIирмехь цIена, маьрша, дуьненаюкъараллин тIехьажа аьтто болу референдум хилахь, дуьненаюкъарчу низамехь Оьрсийчоьнан дакъа хила бакъонийн бух буй иза?

Робертс: «Иза дика хиттар ду, бу-бац бохург. Къамел доцуш, цо Оьрсийчоьнан позици чIагIйийр ю. Цу гIуллакхан бухе иза дилларх лаьцна аьлча, боккъалла а, сацам чIогIа къаьсташ хир бу. ХIунда аьлча, таханлерчу дуьненан юкъаметтигашкахь йолчу артикло бакъо ца ло, кхечу пачхьалкхан гIуллакхашна юкъа гIоьртина, цуьнан цхьаалла хаттаре яккха.

1945-чу шарахь дуьйна дуьненахь леллачу низамийн бух бара иза. Карарчу хенахь вайна гучу кепара нехан пачхьалкхийн латтанаш къийзор къобалдеш дац.
Дика масала ду, тахана Оьрсийчоь ГIирме с анна, 1974-чу шарахь Туркойчоь шен кхерабелла туркошна дола дан къилбаседа Кипре яхар. Дуьне чIогIа реза доцуш хилира цу акцина. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан дукхах болчу декъашхоша, Советан пачхьалкхо а цхьаьна, Кипран цхьаллехьа кхаьжнаш тесира.

ХIинца и тайпаниг ГIирмехь хуьлуш хенахь, пачхьалкхийн цхьалла шеконе юьллуш хиларан хьокъехь догиэтIар гуш ду. Оцу кепара, кхузахь цхьа а лаам бац гуш, массо пачхьалкхийн коьрта бух ган.»

Маршо радио: Цуьнца доьзна ду хIара хаттар. Дуьненаюкъарчу низамаша хIун боху, цхьана пачхьаьлкхан паспорташ кхечу пачхьалкхан бахархошна далан хьокъехь? Масала, Оьрсийчоьно иштаниг Гуьржийчохь, Молдовехь, Украинехь а дина.

Робертс: «Дуьненаюкъарчу низамашкахь цуьнца доьзна цхьа а кхетташ жоп ду моьттуш вац со. Суна хетарехь, и тайпа паспорташ шен махкахошна лучу пачхьалкхана хетачух доьзна ду жоп. Цхьайолчу пачхьалкхаша иза низамехь ца хилар дIакхайкхор ду, шайн низамашца я конституцица догIуш дац, аьлла. Цхьа юкъара бакъо ю аьлла ца хета суна.

Цхьана паспортал сов документ хиларехь цхьа а цецвоккхуш хIума дац. Дуккха а пачхьалкхашкара дуккха а наха леладо и саннарг, дукха хьолехь, цхьаннена а зе ца хилла и бахьанехь. Зе хуьлчу хенахь, массо тайпа гIортор ярца, шена пайда хилийта тIеIаткъам барца, кхечу пачхьалкхан латта схьадаккхарца доьзна хуьлу.»

Маршо радио: ГIирмица доьзна аьлча, цуьнан Украиница автономан статус хиларо луш юй ГIирман Iедална Оьрсийчоьнах дIакхета Iалашонца, референдум дIаяхьа сацам бан бакъо?

Робертс: «Ду те. Цигахь, ма-дарра аьлча, пачхьалкхан цхьана декъо Киеве хоьттуш хIума а доцуш, дага а ца довлуш, и проблема ерзоран цхьа а процедура а ца юьйцуш, шаьш шайгара сацам беш хилча, иза низамехь хиларан йоккха шеко ю.

Цунах боккха кегарий хуьлу, Оьрсйчоьно Киевехь чIагIделла керла Iедал тIе ца оьцуш. Ур-атталла, шайн стаг, Янукович, цигара веддий гушшехь.
Суна хетарехь, низаме ваьлча, кхеташ хIума дац.

Аса, къамел а доцуш, дуьненаюкъара лидерш Оьрсийчоьнца цхьаьна стоьла тIе хьовшор бара Укаринера хьал дийца. И бохург дац, кхечу агIора а цу хиламан мах хадон а, сацамаш тIеэца а ца беза бохург. Киевере керла Iедалш керстадарх ма ца тоьа. ГIирмехь карарчу хенахь кхолладелла лаьтта цхьа моггIа хаттарш дийца дезаш хилар гуш ду.»

Маршо радио: Дуьненаюкъара бакъонашца а догIуш, хIун статус ю, нагахь елахь, «къомана ша шех дIакъаста йолчу бакъонан»? ХIун билламаш бу кхочушбан безаш, иза бакъонехь хилийта?

Робертс: «Къаьмнийн шайн кхолламан хьокъехь сацамаш баран бакъонан» принцип Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Бакъонийн хьалхарчу артиклехь а, кхечу дуьненаюкъара документашкахь а дIакхайкхийна ю. 1945-чу шарахь дуьйна къийсамаш бу, принципо билггал хIун боху а, дахаран билггалчу меттигашкахь цунах пайда пайда муха эца беза а хьокъехь. Бакъонашкахь иза леррина яздина, ишта а, вуьшта а кхета мегар долуш. Цо аьтто боккху, «къоман ша шех дIакъастаран» термин ца лелон. Ма-дарра аьлча, хIора а къоман шен пачхьалкх кхолла бакъо ю бохург ма дай иза.

Къамел доцуш, ««къам ша шех дIакъастаро» коьрта дакъа лецира Европехь деколонизаци еш, Германи цхьанатухуш, 1945-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа лилхинчу хаттаршкахь а. Делахь а, цо дуккха а хаттарш дуьту жоп ца луш. Муьлхачу къаьмнийн бакъо ю шаьш даха, муьлхачеран яц? Дуьненан дуккха а маьIигашкахь, дуккха а девнашкахь боккха коьртан лазам хилла цу хаттарх.
ТIаьхьарчу шерашкахь иза кхолладеллера Косовохь, Шри-Ланкехь, Гуьржийчохь, Туркойчохь а.

ГIирмех лаьцна аьлча, хаттар кхоллало, Украина ю шен кхоллам къастош я еккъа ГIирма ю? Я, ГIирмера гIезалой бу шаьш шайн кхоллам къастон бакъо йолуш? Юкъара жоьпаш дац оцу хаттарна. Билггал цундела, и хаттар къастон, шаьш шайх дIакъастадаларан принцип йоцуш, массеран а бакъонаш тидаме оьцун долу дагадовларш дIадахьаран ондда бух болу бахьана ду.

Маршо радионан корреспондентаца Коалсон Робертца Украинан а, ГIирман а хьокъехь къамел динарг вара Оксфордан Университетера дуьненан юкъаметтигийн коьрта Iилманан белхахо а, «ТIеман низамийн документаш» цIе йолчу арахецаран редактор а волу Робертс Адам.
XS
SM
MD
LG