ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеве юхаверза дагахь ву Украинин Iедалша зуламхо санна лоьхуш волу Янукович


Украинехь хилла хийцамаш бахьана долуш чIогIа саготта ву ша аьлла, дIахьедар дина Янукович Виктора. Ростох журналисташна хьалха вист хуьлуш, цо элира, Украинехь Iедал дIа а лаьцна лелаш ерг «ултранационалистийн а, фашистийн а банда» ю аьлла.

Януковича билгалдаьккхира ша бакъонца волу президент вуьсуш ву аьлла. Ша ву тIеман ницкъийн коьрта буьйранча бохуш вара иза. Янукович дIахьедар дира ша Киеве юхавоьрзур ву аьлла. Иза ша дан йисина дукхъа хан яц элира цо.

Украини Iедалша Янукович Виктор бехке веш ву Киевехь дуьхьалонан акцеш дIахьош адамаш дайарна а, конституцин Iедал доха деза бохуш, кхайкхамаш барна а. Даханчу кIиранах Интерполе дехар дина Украинин Iедалша Янукович лаха а лахий схьалаца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG