ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк: ГIирмехь Iедал дац


Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, ГIирмехь карарчу хенахь бакъонца долу Iедал дац, цундела муьлхха а референдум ян гIортар низамца догIуш дац аьлла.

Шинарийн дийнахь Лаккхарчу Радехь вист хуьлуш, Яценюк элира, ГIирмера Iедал ду боху нах «оьрсийн эскарша гIортор еш йолу, шен лаамехь Iедал дIалаьцна йолу, бандитийн тоба» ю аьлла.

ГIирмех лаьцна дерриг халкъаца къамел дан реза ду шаьш элира Украинин премьер-министро, амма иза хир дац тIеерзийна тоьпаш а йолуш аьлла.
XS
SM
MD
LG