ТIекхочийла долу линкаш

Европе богIe некъ бехка мегаш бу Оьрсийчура девне сенаторшна


Оьрсийчоьно ГIирмехь лелориг бахьана долуш Оьрсийчоьнан федералан кхеташонан декъашхошна Европехула лелар дехка деза аьлла кхайкехам бина Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида.

Кэмеронна хетарехь, изза дан мегар ду Москох лелочунна тIехIиттина болчу кхечу жигархошна а дуьхьал. Британин премьеро дийцарехь, Шинарин дийнахь и хаттар дийцаре дина Лондонехь. ХIинца цу хьокъехь болу сацам кечбеш бу Британино.
XS
SM
MD
LG