ТIекхочийла долу линкаш

Шорлуш бу "Интернетан мостагIийн" могIарш


«Интернетан мостагIий» цIе йолу шен рогIера дIахаийтар Iора «Доза доцуш репортераш» организацино. Даиман а хьехош йолу Беларуси а, ГIажарийчоь а, Оьрсийчоь а, Туркменистан а, Узбекистан а йоцург цу юкъатоьхна Iамерка а, Британи а, Инди а.

Цу дIахаийтарехь дуьйцуш ду, интеренетехь маршо гатйеш хиларца цу пачхьалкхашкара цхьайолчу лерринчу сервисийн белхахой тоьлуш бац шайн Китайра, Оьрсийчура, я Бахрейнера шайн коллегелла а бохуш. И дIахаийтар довзийтина Кхаарин дийнахь Дуьненаюкъара интернетана цензура ярна дуьхьал де даздеш хилар тидаме а эцна.

И документ кечдаран Iалашо ю интернетехь цензура латтош а, цунна тергам беш а пачхьалкхан урхаллаш а, агенталлаш а хиларна тIе тидам бахийтар.
XS
SM
MD
LG